ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисехь протесташ лаьтта 4-гIа де ду


ДоьалгIа де а ду Тбилисехь протесташ дIайоьлху. БIе стаг ву дуьхьалонан акци араваьлла. Стохка Iай вийначу шина кхиазхочун гIуллакх талларна Iедало ледарло яран резабоцуш урамашка бевлла гуьржий. Бехкзуламан гIуллакх таллар юкъахдаккхарна хьаькамаш бехкебо протестхоша. Шеконашкахь кхобучийн бехкхиларан тоьшаллаш дац аьлла кхелахоша. Гуьржийчоьнан инарла прокуратурано ши кIант вийнарш кIелхьарабоху аьлла хета протестхошна. Пачхьалкхан инарла прокурор даржех ваккха ницкх къечира гулбеллачийн. ХIинца доьху цара доллу Iедал хийцар.Гуьржийчоьнан премьер-министро Квирикашвили Георгийс дуьхьало йина шен лаамехь даржах къаста.

Стохка шо долалчу дийнахь Тбилисерчу Хораван урамехь дешархойн иккхинчу девнехь шина кхиазхочунна чевнаш йинера. Дарбан хIусаме вуьгучу заманчохь цхьаъ веллера, шолгIаниг масех операци йиначул тIаьхьа шолгIачу дийнахь дIакхелхира. Полицино ши кхиазхо дIалецира зуламна бехкевина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG