ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу лоьраша мехаза тIеоьцур бу дархой


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Кху деношкахь леррина акци дIайолийна республикерчу дарбанан а, диагностикан а реабилитацин цхьаьнкхетаралло. Мархийн бутт чекхбаллалц цигарчу лоьраша мехаза тIеоьцур бу дархой а, могашаллана таллам бан лаам болу бахархой а. Цунах лаьцна хаам бо «Грозный» телевизионо.

Болчу хаамца, цу дарбанан центрехь лелош ю кхузаманахьлера медицинан техника. Цо аьтто ло лоьрашна электрокардиограмма яккха а, рентгенах а, флюорографех а дархой чекхбаха а.

Стохка цигарчу лоьраша дарба хьехна шайна тIевеанчу 43 эзар вахархочунна, яздо grozny.tv сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG