ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь нохчийн йоI йийнарг къайлаваьккхина Австрин полицино


Венехь полици ха деш ю 7 шо долу Хадишт йийначу цIенна хьалха.

Венехь 7 шо долу Хадишт йийна Роберт цIе йолу кхиазхо чIирхошка ца вейта гIерташ ю полици, яздо stav.kp.ru сайто. Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Хадиштан Нохчийчуьрчу гергарчара чIир кхайкхийна йоI йийначу кхиазхочунна а, цуьнан доьзална а.

Дуьххьара дуьйна 16 шо долу Роберт латтош вара цхьана стагана хьажийначу Венерчу набахтин камерехь. Цул тIаьхьа, кхерамазаллан бахьанашца, иза охьавиллира Линц гIаларчу набахтан дарбанан хIусаме.

Амма цунах а гIуллакх ца хиллачух тера ду. Полице къайлаха хаам кхаьчна Хадишт йийнарг цхьа нах Линцехь вен дагахь хиларх лаьцна. И бахьана долуш, Австрин полицино сацам бина иза къайлаваккха.

Oe24 зорбанан гIирсо дийцарехь, буьйсанан юккъехь араваьккхина гIагI диллинчу автобусна тIехь дIавигна жима стаг. ХIинца иза латтон меттиг хууш яц, Австрийн полицин лаккхарчу куьйгалхошна бен. Лаккхарчу тIегIантехь ха деш а ду цунна – даиман а уллехь лаьтташ бу полисхой. ТIевуьтуш ву цхьа лор-психиатр.

Къайлахчу меттигехь латтош ву Робертан нана, да а, жимах волу ваша а.

Нохчийн доьзалера К. Роберта 7 шо долу Хадишт йийна дIабаханчу Стигалкъекъа-баттахь Венехь. Iехийна шайн чу а йигна, урс хьаькхна цо йоIанна.

XS
SM
MD
LG