ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху кIиранах 6 белхан де хир ду Нохчийчохь


Оьрсийчоьнан Де шуьйра даздеш Iедал ду Нохчийчохь.
Оьрсийчоьнан Де шуьйра даздеш Iедал ду Нохчийчохь.

ХIара кIира, ерриг а Оьрсийчохь санна, 6 белхан де долуш хир ду Нохчийчохь а. Роструд урхаллао бинчу хаамца, мукъа хила деза тIедогIу шоьтан де дехьадаьккхина оршотан дийне. Цундела оршот, Мангалан -беттан 11-гIа, мукъа де хир ду.

Цу кепара, кху беттан 12-чохь Оьрсийчоьнан Де даздарца Мангалан -беттан 10-гIа а, 11-гIа а, 12-гIа а денош мукъа хир ду. Ткъа кхаарин дийнахь дуьйна Оьрсийчуьрчу бахархоша болх бийр бу кхаа дийнахь, Мангалан-беттан 13-15 деношкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG