ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп а, Ким а тIелаца кечлуш ю Сингапур


Сингапур.
Сингапур.

Iамеркан президентан Трамп Доналдан а, Къилбаседа Корейн хьалханчан Ким Чен Ынан а цхьаьнкхетар дIадахьа леррина меттиг билгалъяьккхина Сингапуран Iедалша. И меттиг гоне лаьцна хир ю кху беттан 10-14 деношкахь. Цунах лаьцна хаам бина Сингапур гIала-пачхьалкхан Iедалша.

Юьйцург ю Сингапуран арахьарчу гIуллакхийн министралла а, Iамеркан векалалла а, масийтта доккха хьешийн цIа а долу кIошта.

"Вашингтон пост" газето хьалхо хаам бинера, Iамеркан делегаци мах дIабаларан аьттонаш лоьхуш ю Къилбаседа Корейн делегаци Сингапурехь дIатаръян оьшуш болу. Цу юкъахь ду Ким Чен Ын отелехь дIатарвеш дала деза ахча а. Сингапуран Iедалша а аьлла, цу ахчанах цхьа дакъа шайна тIелаца дагахь ду шаьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG