ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболан дуьненан чемпионатан ловзарш хир долчу Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь цIеххьана дазделла хьешан хIусамехь чоь лацар а, кеманца дIасавахар а.

Масала, Москох дIадаханчу кIиранах кхо седа болчу хIешан хIусамехь де-буьйса даккхаран мах бара 6 эзар сом. Оршотан дийнахь дуьйна и мах хьалабаьккхина шозза-кхузза.

Изза хьал ду кхечу гIаланашкахь а.

Кхин а дазделла Оьрсийчохь кеманца дIасавахар. ХIара шо долалуш хиллачу юккъерчу мехашца дуьйтича, билеташ дазделла 6-7-зза.

XS
SM
MD
LG