ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина буьстина Донбассера а, Нохчийчуьра а тIемаш


Путин Владимир.
Путин Владимир.

Визитаца Австре воьдучу Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира журналисташна интервью луш буьстина Донбассера а, Нохчийчуьра а тIемаш. Украинин малхбалера конфликт дIаерзо сепаратисташна ша тайпа статус яла еза, боху цо, Москохо иза Нохчийн Республика хьокъехь дина ма хиллара.

Австрерчу ORF телеканалана интервью луш Путина тIе ца дитира Оьрсийчоьно дIалаьцна ГIирма Украинина юхалур бохург. Цо иштта комментари йира 2014-чу шарахь «Боинг» чудаийтарна. Путина керста дира, некъахойн кема Оьрсийчоьнан «Бук» ракето чудаийтина аьлла, дуьненаюкъарчу талламан тобано дина жамI.

Путин Владимир визитаца Вене кхочуш ву Мангалан-беттан 5-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG