ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Анжи» футболан тобанан коьрта тренер хIоттийна Адиев


Архивера сурт.
Архивера сурт.

ХIинжа-гIаларчу «Анжи» футболан тобанан коьрта тренер хIоттийна Адиев Мохьмад, хаам бо цу клубан зорбанан урхалло. Цуьнца контракт йина 2 шаранна. Керлачу тренеран бакъо ю шен штаб вовшахтоха.

Соьлж-ГIалахь вина Адиев цхьацца шерашкахь левзира Несарарчу «Ингушетия» а, Дагестанерчу «Анжи-2» а, ХIинжа-гIаларчу «Анжи» а, Москох ЦСКА а, кхин йолчу а футболан клубашкахь.

Оьрсийчоьнан футболан къоман тобанехь 4-зза левзина Адиев. Цу ловзаршкахь шозза буьрка чутоьхна цо.

Адиевс тренеран болх болийна 2010-чу шарахь Лахарчу Новгородехь. 2017-2018 сезонехь иза декъашхо вара Соьлж-ГIаларчу «Ахмат» клубан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG