Кадыров Рамзанна тIелатар кечдинчу нахана юкъарваьккхина Ямадаев Iийса, хаам бо Кавказ.Реалиино. Дуьхьал а воцуш, иза лаьцна ларар юхадаьккхина.
Кадыров вен гIортарх лаьцна хаам бира «Новая газето» 2016-чу шарахь гуьйранна. Цу зорбанан гIирсо дийцарехь, Бенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хIусамехь бомба йиллина хиллера цхьана наха.
Нохчийчуьрчу Iедалша харц дира Кадыровна тIелетар кечдинера бохург. Амма 2017-чу шарахь Дечкен-баттахь цу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх долийра талламхоша.
«Новая газето» бинчу хаамца, ницкъаллин структурийн белхахоша лецначара аьллера иза вовшахтоьхнера вежарша Ямадаев Бадруддис а, Iийсас а аьлла.