ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мачаликашвилин гIуллакх шен тергаме оьцур ду гуьржийн премьеро


Гуьржийчоь -- Мачаликашвили Малхаз. Тбилиси, 04Мангал2018
Гуьржийчоь -- Мачаликашвили Малхаз. Тбилиси, 04Мангал2018

Гуьржийчоьнан премьер-министро Квирикашвили Георгийс ша тергаме оьцур ду аьлла, Мачаликашвили Темирлан верца доьзнарг. Цунах лаьцна хаам бина цу жимачу стеган ден Мачаликашвили Малхазан адвокато Кублашвили Мариама, хаам бо «Гуьржийчоь Онлайн» сайто.

Адвокато дийцарехь, Мачаликашвили а, цуьнан адвокат а, ткъа иштта йозуш йоцучу вовшахтохараллийн векалш а цхьаьнакхийтира премьерца а, чоьхьарчу гIуллакхийн министрца а.

Билггала жамI ца хиллехь а, шайна дош делира премьеро шаьш хьалхатеттина хаттарш тидаме эца а, къасто а, бух балахь оьшург дан а, боху Кублашвилис.

Цо дийцарехь, нагахь Iедашна тIедожийнарг кхочуш ца хилахь, кхина а шуьйра дуьхьалонан акцеш вовшахтоха дагахь бу юкъаралхой. «Оха доьхург хийца йиш йоцуш ду, бехкечунна таIзар дан деза. Премьерна иза дан тоъал хан ю, 10-14 де», - билгалдаьккхина адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG