ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Массо а хIуманна реза долу кеп хIиттор дита деза вай"


Дагестанера Алиева Марьям
Дагестанера Алиева Марьям

Дизайнер Алиева Марьям- Дагестанах, ламастех, бахархойн критикех

Дизайнан студин долахо, 25 шо долу Алиева Марьям ХIинжа-ГIалахь йина а, кхиъна а ю. Юрист ю иза ша. Шина йоьIан нана а ю.

Башха шех лаьцна дийцар ца деза цунна, амма шен даймахках а, шен проектех а дуьйцур дара цо саццанза.

Да суьйли, нана гуьржи долу дела хила тарло цуьнан Дагестанан а, Гуьржийчоьнан къаьмнашка безам. Йинчу махко дуккха а керла идейш ло цунна. Цига йоьду иза шен дог ир-кара хIотто а. Къилбаседа Кавказан къаьмнийн духар ду тахана оцу жимчу зудчо довзуьйтург.

–​ Марьям, дуьххьара муха доладелира хIара?

– Кхо шо хьалха маре а яхна, Москох Iен-яха дIаяхара со. Юьхьанца чIогIа сагатдора ас сайн цIа. Сиха бIаьргбедира сан шахьарарчу бахархойх. Суна новкъадара Москохарчу бахархошна суьлех, Дагестанах хаарш кIезиг хилар. Нагахь царех дош олуш хилча а, хестош, томехь дерг ца хезара. Дерриг дIа а тесна, цIа яха лаьара юьхьанца. Аьлча а, "тхайнаш", "хийранаш" бохуш, къаьмнийн къестамаш боцчу яха лаьара суна. Сих ца луш, ойла йича, со кхийтира, йоккхачу шахьарахь бехачу нехан хан а, аьттонаш а ца хилла-кх тхан культура, тхан ламасташ, довза аьлла. Сайна тIера йолаелира со.

Масала, тхайн ламасташца догIу деза денош билгалдаха дуьйладелаира тхо тхешан доттагIашца. Духарехь ас тидам йовлакхна тIе бохуьйтура. Дагестанан къорза, даккхий, Iаламат хаза йовлакхаш, корталеш гулделира сан. Дукха хан ма яц йовлакхаш лелор тIедожийна зама лаьттина, бераллехь дуьйнна гулдора уьш, маре йоьдуш чамди чу дахка а бохуш.

Доцца аьлча, кхечу къомахчу нахана сайн культура йовза лаарна тIера доладелир-кх. Ас айса а тидам ца бира, Москох тхайн къоман духарца маца дуьйнна йолаелира со.

–​ Бахархоша муха тIеоьцу хьан духарш?

– Бакъ ду, Москохан урамашкахь сан гучуялар тергамза дуьсу аьлча, харц хир ду. Музейчуьра экспонат санна ма ю со (йоьлу). Нах тIеоьху суна, хеттарш до, стенгара ю, мила ю бохуш, соьца суьрташ доху цара. Амма гуттар чIогIа хазахета суна, сан махкахошна духар девзича. Гергарлонаш, доттагIаллаш тийсало тхан. Бакъду, цкъацкъа оцу адамийн тергоно ницкъбо суна, амма ас сайна дагадоуьйту, ахь хьайна мацах дош ма делла, Дагестанах лаьцна дуьненна а довзуьйтур ду айхьа аьлла.

- Хьан духаран тергояр Москох а, ХIинжа-ГIалахь а цхьатерра хуьлий?

– Дера ца хуьлу. Москох хазахета, ткъа Дагестанехь массо а хIуманца кхерчан йовхо, хьалхалерачуьнга безам хуьлу, цуьнах сингаттам а цхьана дIаийна хуьлу. Дог тохало, баккхийнаш тIе а баьхкина, со мара а йоьллина, деха къамелаш соьца дича. Наггахь белха а боьлху уьш, суна хьехамаш а бо цара. Иштта тийсаделла сан баккхийчаьрца дуккха а гергарлонаш.

- Со нийса кхетий, оцу дерригено а цхьа шатайпа хаам бина-кх хьоьга, "Оьмарш къаьстачохь" аьлла, къоман духарийн коллекци юкъаяккха деза аьлла?

- БIе сов шо хенара коч тIеюхуш цхьана дийнахь ойланашка яьллера со, хIун дуьтур-те оха тIаьхьенна, бIе шо даьлча, сан берийн тIаьхьено хIун коч юхур-те аьлла. Къоман колорит а, кху заманахь модехь йолу тендецеш а юкъа а ялош, иштта ойла хилира сан духарш тега. Сан модель – шен орамаш а, ламасташ а лардан ницкъ кхаьчна кхузаманан йоI ю. Сан коллекцехь кучамаш а, кIудалийн а, шаьлтийн а кепехь каралоцу тIоьрмигаш а ду.

Цара дуьйцур ду экамечу ламанан йоьIан майраллех. Дуьххьара Дагестанехь гайтира ас сайн коллекци. Iаламат хазахийтира мехкаршна сан белхаш. Къаьсттина тайра царна цIоканах дина ги тосу тIоьрмигаш- кIудалш.

"Оьмарш къаьстачохь" - коллекци хилла ца Iаш, иза шуьйра проект ю. Цуьнан Iалашо ю, кху яккхийчу технологийн а, глобалан а заманчохь шен культура Iалашъян тарлуш хилар дIагайтар.

ХIинжа-ГIалахь карарчу баттахь меттигерчу театро гIо а деш, дIахьур бу суьртийн гайтам. Цигахь йоллу Къилбаседа Кавказера хьеший бу оха кхайкхина. "Тешам" гIоьналлин фондаца цхьана дIахьочу тхайн проектца оха юхадендеш ду дагестанхойн пхьоладар – кузаш дар, деши дар.

Комиксаш гойтур ю, Дагестанан исторехь хиллачу хиламех, оцу заманан турпалхойн васташ гойтур ду. Ишта-м дагахь йоцу сюрпризаш хир ю, и цхьаъ мукъна а дити вай къайленехь (йоьлу).

- Инстаграмерчу хьайн агIон тIехь дийца дихкинарг а далхадо ахь. Хууш ма хиллара, Кавказехь ца деза ира хеттарш дийцар. Дов ца до хьуна и йозанаш ахь дитича?

– Сайн блогаца со гIерта хIуъа а хийцина а цхьаъ хица, сайн аз дIахазийта, адамийн кхетаме кхача. Массо а хIуманна вай реза долуш санна Iен ца дезара вай. Проблема йоьрзур яц вай тапъаьлла Iарх. ТIекхуьучу тIаьхьенна дийца деза, дерриг дика ду бохуш, страусо санна гIамаршла корта а боьллина Iен мегар дац. Конструктиве критика дика ю, сайн гIалаташна къера хуьлу со суо а. Ас олучунна, дечунна массо а реза цахилар вуон ма дац. Вуьшта муха хир ду? Амма цхьа пардо бен дац критикна а, сийсазварна а юкъахь. Суо аьшнаш яр могуьйтур дац ас.

- Хьан махкахоша стенна гезйоху хьо?

- Кеп-кепарчу реакцех Iиттало со сайн проект юкъаяьккхичхьана. Цхьаболучарна дош ца хета ас лелорийг, тIаьхьало йоцуш гIуллакх ду боху. Вукхара аьттоне, кхиаме хир ду олу. КхозлагIчу декъо йоллу негатив тIекхуссу суна.

Царна ца лаьа яхначу заманчу ас шаьш юхаийзо. Уьш ца кхета, ас ма ца боху цаьрга ширачу замане дерза. Ас доьхург, дайн иэс лардар. Тхешан къома юкъахь яржо езаш ю тхан культура уггар хьалха. Баьхначийн а, тхуна тIаьхьа бехар болчийн а дуьхьа.

Текстан автор Муртазалиева Зараъ, гочйинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG