ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчуьрчу лоьраша мехаза операцеш йийр ю Нохчийчохь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Туркойчьурчу тоьллачу клиникашкарчу лоьраша мехаза 100 гергга операци йийр ю Нохчийчохь, хаам бо ТАСС агенталло. Коьртачу декъана уьш хир ю бIаьрса то дан Iалашо йолуш а, ткъа иштта когашна а, куьйгашна а чевнаш хиллачу нахана гIо дарца йоьзнарш а.

Туркойн лоьраша болх бийр бу Нохчийн Республикехь, Туркойчуьрчу «Дуьненан лоьраш» олучу юкъаралло Нохчийчуьрчу могушаллин министраллаца барт бар бахьана долуш.

Уьш дуьххьара богIуш бац Нохчийчу. Стохка гурахь туркойн говзанчаша 120 операци йира республикехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG