ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Молу хи вон ду Ночхийчохь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь молу хи уггаре вон ду Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Кхарачой-Чергазойчохь а, яздо kavkaz.versia сайто. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчохь кхача толлучу Роскомпотребнадзор урхалло.

Молучу хинах дIовш ца далийта иза кхехко дезаш, я туьканара шишанашкахь эца дезаш хуьлу цу республикашка бахархой.

Роскомпотребнадзоро бинчу хаамца, цу кхаа регионера бу цу урхалле кхаьчна уггаре дукха латкъамаш. Бахархоша яздо, шаьш пайда оьцу хи дукха боьха ду, бохуш.

Цу хьокъехь кху беттан 4-чу дийнахь, Соьлж-ГIалахь молу хи боьха хиларца хIоьттина чолхе хьал дIанисдарна хьажийна леррина кхеташо хилла Нохчийчуьрчу Iаламан министраллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG