ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Amnesty International: Раккахь маьрша бахархой байарна бехке ю коалици


Шема -- Раккахь херцарш дIасайохуш бу белхалой, Шема, Охан. 18, 2018
Шема -- Раккахь херцарш дIасайохуш бу белхалой, Шема, Охан. 18, 2018

Стохка Шемара Ракка гIала «Исламан пачхьалкх» тобанера схьайоккхучу тIеман операцехь коалицин эскархойн бехкенна бIаьннаш маьрша бахархой байина. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Amnesty International бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло бинчу талламехь.

Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, бомбанаш тухуш дуккха а адам дехачу кIошташкара бахархой бисина хилла, арабовла аьтто боцуш. Дохийна хилла цIенош а, гIалан инфраструктура а.

Оццу хенахь «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан декъашхой дIабахийтина коалицин эскарша, цхьа а хало а ца хуьлуш, дуьйцуш ду Amnesty International-о кечдинчу дIахаийтарехь.

Маьрша бахархой байар талла аьлла кхайкхам бина бакъонашларъярхоша. Царна хетарехь, компенсаци яла еза Ракка гIалахь эшам хиллачу нахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG