ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Моьнаш ца доьрзу


Линкана тIе

Моьнаш ца доьрзу*

Вехаш-Iаш хилла цхьа амална сиха жимастаг. Цхьана дийнахь дас цуьнга хьостамех буьзна тIоьрмиг белла, хIоразза а ахь цхьанна оьгIазло мел йо, кертан бIогIамах цхьацца хьостам тоха аьлла.
Хьалхарчу дийнахь бIогIамах иттанаш хьостамий тоьхна. КIира даьлча, мелла а шен оьгIазло урхахь сецо Iеминчу кIанта бIогIамах детта хьостамаш лахделла.КIант кхетта, бIогIамах хьостамий деттачул а, шен амал юхатоха атта хиларх. Дега дийцина цо иза. ТIаккха дас тIедиллина, оьгIазлонна тIехь толам мел боккху, хьалха дIатоьхначех цхьацца хьостам схьабаккха аьлла.
Хан-зама йоьдуш, кIант вехаш, тIехIоьттина цо дега кхаъ боккху де а – бIогIама тIехь цхьа а хьостам ца бисина!
ТIаккха дас, куьг а лаьцна, керта тIе вигна кIант:
–Ахь дика къа хьегна… Амма гой хьуна мел лараш йитина ахь? Ахь стагана бохам бича, цуьнан даг тIехь а дуьсу хьуна иштта моьнаш. Цул тIаьхьа хьо мел бехказавийларх а, и моьнаш ца доьрзу хьуна…

Дийцар гочдинарг Петирова ПетIамат

XS
SM
MD
LG