ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ирс карор


Линкана тIе

Ирс карор

Цхьана дийнахь паччахьо аьчга-пхьере хаьттина:
– Муха ду хьан гIуллакхаш? Болх дIабоьдий?
ТIаккха аьчга-пхьар латкъамаш бан воьлла:
– ХIай, сийлахь паччахь, ца беза суна хIара болх. Дукха хала бу, пайда кIеззиг бохьу, и бахьанехь лулахойн а лерам бац соьца. Кхин говзалла езара суна.
Дикка ойла айина, аьлла паччахьо:
– Хьуна карор а бац хьайн амалца богIу болх. Хьо малонча волу дела хала бу хьуна и. Хьо бIаьрмециг волу дела ца бохьу цо хьуна пайда. Хьо цIарна лелаш волу дела бац хьоьца лулахойн лерам. ДIавала сан бIаьргашна хьалхара.
Корта а оллийна, дIавахана аьчга-пхьар. Цхьа шо даьлча, юха а цу кIоштахь нисвелла паччахь. Юха а гина цунна и аьчга-пхьар, амма хьал долуш, ларош, массара а лоруш. Цецваьллачу паччахьо хаьттина:
– Хьо вуй и дахарна реза воцуш хилларг?!
– Со ву. Сайн хьалхалерра болх беш ву со, цу балхо суна пайда а, сий-ларам а бохьу, суна беза а беза и болх. Сайн бохамийн бахьана со суо хиларх кхетта со. ХIинца со ирсе а ву.

Дийцар гочдинарг Петирова ПетIамат

XS
SM
MD
LG