ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нана...


Линкана тIе

Нана...


Нанас дуьйцу шен кIанте, хьехамаш бо:
Сан кIант, сан диканиг… хенан йохалла со къанъелла, айса лелочун иэс ца деш гур ю хьуна. Цу дийне вай девлча, суна хан караелахь, соьца собаре хилалахь, соьх кхета хьажалахь.
Куьйгаша аьлларг ца деш, юург тIеIено со йолахь, сайна тIе бедар юха гIора доцуш со йисахь, дагалацалахь ас хьо хIума яа, бедарш тIеюха Iамор, суна а собар караделахь хьайгахь.
Соьх хаза хьожа ца ягIахь, суна дов ма делахь, дагалацалахь ас хьо цIена лелор.
Нагахь ас цхьа хьекъале доцу хIума деш хьайна гахь, соьх вела ма велалахь, сан бIаьргаш а, кхетам а хилий хIотталахь.
Соьца къамел деш сан къамел текхна хиларх, сан иэс галдаларх, ас ойла меллаша ярх, кIад ма лолахь, сан дерриге а ирс хьуна уллохь хилар, хьоьца къамел дар ма ду.
Сан когаш гIелбаларх, сан болар галдалахь, хьо соьца кIеда хилалахь, хьо ас куьг лаьцна ког баккха Iамор дагалацалахь. Тахана сан куьг лаца эхь хеташ ма хилалахь, кхана ахь а лоьхур ма ву хьайн куьг лаца стаг.
Хаалахь, со хIинца хьо санна дахарна дуьхьал йоьдуш а йоцуш, Iожална дуьхьал йоьдуш хилар. Цундела, суна дуьхьал а ца хуьлуш, суна уллохь хилалахь.
Нагахь сан гIалаташ хьуна дагадагIахь, хаалахьцкъа а хьуна диканиг бен, вониг суна ца лиънийла.
Хаалахь, ахь суна хIинца дийр долу дика сан гIалаташна гечдар, сан ледарлонаш къайлаяхар дуй. Дала къинхетам бойла хьоьх, хьан ледарлонашна геч а дойла.
Хьан велакъажаро хIинца а хазахетар дохьу суна, со цунах ма яккхалахь. Хьо дуьненчу вогIуш хьуна уллохь хилла со, кху дуьненчуьра со дIайоьдуш хьо а хилалахь суна уллохь.

ГОЧ журналатIера дийцар: https://www.magzter.com/AE/Goch/Goch/Culture/284439

Гочдинарг - Петирова ПетIамат

XS
SM
MD
LG