ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:00:55 0:00
Линкана тIе

Хьайн некъах ма тила

Дуьненан дахарх дIа а хервелла, адамашна юьстах Iаш волу веза стаг, юха а адамшна юкъа Iен схьавеана.
И хабар массанхьа а дIасадаьржина. Цунна тIе дукха нах таттабелла. ХIора а хилла цунах дагавала лууш, цуьнгара накъосталла оьшуш. Эвлаяа цхьанна а инкарло еш ца хилла, массеран а гIуллакхе хьоьжуш хилла.
Цкъа цхьана дийнахь хьолада веана и волчу, безчу механ поштица, безчу механ духаршца кечвелла. Беркъачу духарца, къоьллехь вехаш волу эвлаяъ гича реза ца хилла и ша беанчу некъана. Цо аьлла:
– ХIай, ларамениг! Ма вон Iаш ву-кх хьо!
Лерина цуьнга а хьаьжна, эвлаяа жоп делла:
– Къен Iаш ву со, амма вон Iаш вац. ЦIена некъ а бевзаш, цунна тIаьхьаваза ницкъ а болуш, амма цу новкъа ца воьдург ву вон Iаш…

ГОЧ журналтIера дийцар: https://www.magzter.com/AE/Goch/Goch/Culture/279432

Гочдинарг - Петирова ПетIамат

Малхбален дийцарш

XS
SM
MD
LG