ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьекъале дош


Линкана тIе


Хьекъале дош

Хьехам бан веанчу моллина чоь еса карийна, хьалхарчу могIарехь хиина говраш Iалашйийриг воцург, чохь кхин стаг а воцуш. «Хьехам бан беза те ас я ца беза те», – аьлла ойлане ваьллачу моллас хаьттина:
–Хьо воцург кхузахь кхин стаг а вац, хьехам бан беза ас я ца беза?
Говраш Iалашъечо жоп делла:
– Со могIарера стаг ву, кху хIуманна кхин генадаьлла хьекъал а дац сан, амма со говраш Iалашъян вахча, цхьаъ йиссалц, вуьйш дIасаевдда карийча а, цунна юург-м ло ас.
И дешнаш дагах кхеттачу моллас шен хьехам болийна. Шина сохьтехь сов дийцина цо, шена а цунах дагна хьаам а хуьлуш. ТIаккха шен хьехам тIе муха эцна, и мел дагах кхетта хаа лууш, хаьттина цо:
– Муха хийти хьуна хьехам?
– Ас хьалха а элира, со могIарера стаг бен вац, кху хIуманна охIла вац. Со говраш Iалашъян веача, цхьаъ йиссалц, ерриг а говраш дIасаевдда карийча, цу цхьана юург ло ю ас. Амма массо а говрана лерина ерг-м ца ло…

Дийцар гочдийнарг Петирова ПетIамат

XS
SM
MD
LG