ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Синойн мохь


Линкана тIе

Синойн мохь

Цхьана дийнахь хьехархочо тIедиллина шен дешархошна цIена тIоьрмигаш а, картолийн гали а да аьлла. ТIаккха тIедиллина цо хIоранна а, цу гали чуьра картолаш схьаэца – шайн оьгIазло йолчу хIора стеган цIарах цхьацца.
Цул тIаьхьа дешархоша шаьш схьаэцначу хIора картол тIе шаьш гечдийр дац аьллачун цIе а, терахь а яздина, и картолаш тIоьрмигаш чуехкина. Цхьадолу тIоьрмигаш чIогIа деза а нисделла.

Шаьш доьлх-доьлхуче и тIоьрмигаш леладе аьлла, тIедиллина царна хьехархочо, дIадуьйшуш маьнги улло а хIиттош. И тIормигаш текхор даз мел ло, дешархошна хаалуш хилла шайн синоша текхон мохь а.

Яхкаяла йолаеллачу картолийн хьожано а еш хилла новкъарло. Кхарах къехка буьйлабелла нах а Дукха хан ца езна бераш кхета, и тIоьрмигаш дIакхийсар гIоли ду, массо а метте уьш шайца текхочул а…

Дийцар гочдинарг Петирова ПетIамат

XS
SM
MD
LG