ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра а, Дагестанера а ши машен дуьхь-духьалкхетта Волгоградан кIоштахь


Некъахьовзам хилла Волгоградана 190 километр гергахь йолчу Камышинскан кIоштахь еарин буса сахьт долуш. Дуьхь-дуьхьалкхетта MAN а, Volvo а киранийн ши машен, хаам бо m.v1.ru сайто. Меттигерчу полицино бинчу хаамца, цу шина машенна урхалла деш хилла Нохчийчуьра а, Дагестанера а машенашлелорхой.

Тешаш дийцарехь, некъахьовзам хилла Антиповка эвлана гергахь. Дуьхь-дуьхьалкхетар бахьана долуш цу шина машенан кабинаш яьгна.

MAN-на урхалла деш хилла 40 долу а, Volvo-на хьалха хиина хилла 38 шо долу а ши стаг дийна висина. И шиъ дIакхачийна дарбанан хIусаме.

Некъан полицин векалш къастош бу хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG