ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мархийн сахьан барам билгалбаьккхина Нохчийчуьрчу муфтиято


Iамерка -- Марха даста арабевлла Нью-Йоркера бусалба мехкарий. (Staten Island, New York), Мангалан-бутт, 25, 2017.
Iамерка -- Марха даста арабевлла Нью-Йоркера бусалба мехкарий. (Staten Island, New York), Мангалан-бутт, 25, 2017.

2018-чу шарахь дала дезачу мархийн сахьан (закат ль-фитр) барам билгалбаьккхина Нохчийчуьрчу муфтиято. Кхушарахь иза хир бу хIоран доьзалан цIарх 3 кила кIа, ткъа, каффарат олу, хIора юкъахдаьллачу мархина дуьхьал долчу сахьан 1 кила кIа, хаам бо "Сhechnyatoday" агенталло.

Цуьнца цхьаьна билгалдоккхуш ду лаам хилахь и рицкъ ахчанца дала мегаш хилар. Цу кепара кху шара сахь ду 10 туьма, ткъа 5 туьма ду марха юкъахдаларна луш долу сахь.

Муфтиято билгалдоккху, бусулба нахана са хилийта, шаьш сахьан барам лаххарачул а жимма алсам хIоттийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG