ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вевзаш волу нохчо схьавоьху Оьрсийчоьно


Монакос Оьрсийчу депортаци ян тарло нохчийн мухIажирна

ДIадахначу кIирандийнахь нохчийн жигархоша Парижехь хIоттийначу митингехь дIакхайкхийнера, Монакон олалло Нохчийчуьра схьаваьлла Абуханов Захар (Руслан) дIалацарх а, гергарчу хенахь иза Оьрсийчоьне дIаваларан кхерам латтарх а.

Монакон Iедалхошна шаьш резацахилар дIахаийтира гулбеллачара. Цара тидаме ца оьцу, Абухановн Францино елла политикан мигрантан статус хилар а.

Абуханов Оьрсийчоьне дIа а ца луш, цунна Франци депортаци яр доьхуш, Монакон элан Альберт ШолгIачун цIарх цхьаболчу нохчаша яздина кехаташ-дехарш даьржира интернетан машанашкахь.

Нохчийчохь а, луларчу мехкашкахь а бинчу тIемашкахь цо дакъалаьцна бохуш, бехкаш дахкар шеконе ду. Массарна а хууш дара, Абуханов Закаев Ахьмадца доттагIаллин уьйрашкахь хиллехь а, цуьнан тобана юкъахь ца хиллийла. Закаевн гона юкъахь Абуханов дика вевзара кхиаме бизнесхо санна.

"Кавказ.Реалиин" хаамашца, францхойн Ницца гIалин вахархо Абуханов Захар дIалецира Монте-Карлохь Стигалкъекъа-беттан 27-чохь. Оьрсийчоьно Интерполехула цуьнан хьокъехь кехат даийтина шайга аьлла, кхетийра полицино иза дIалацарх. Интерполан йиллинчу хьасташкахь Абухановн цIе тептаршкахь яц.

Вийна бизнесмен Березовский Борис а, Малхбузехь веха, гоьваьлла политик Закаев Ахьмад а юкъахь волу резонансе хиламаш бахьана долуш гIаравелира Абуханов.

Зарратан портативан гIирс эца дагахь хилла Березовский аьлла 2004-чу шарахь Iорадаьккхича, хIетахь дуьххьара вийца ваьккхира Абуханов. Ша Абухановс 2008-чу шарахь дIакхайкхийра, Березовский Борис а, кхиболу гоьбевлла Оьрсийчуьра бевдда Малхбузехь бехарш а хIаллакбе аьлла, шена тIедилларх.

Forbes журналан тептаршкарчу миллионерашна компромат ю шен баьхнера Оьрсийчоьнан а, Малхбузерчу а газеташка Нохчийчуьрчу мухIажиро.

Машанашкахь баьржира Абухановс Закаевн хьокъехь бина масех аудиокхайкхам. Шина накъостан юкъаметтигаш телхира цул тIаьхьа.

2012-чу шарахь цIеххьана вуьйцучуьра а совцуш, вицван волийра Абуханов. Оццу шарахь Нанси гIалара Ницце дIа а вахана, цигахь гуттаренна а ваха хиира иза. Францин полицино кхин хьевеш вацара нохчийн мухIажир.

Политикан мигрантан статусехь верг кхечу пачхьалкхехь лацахь, хууш ма хиллара, иза ведда веанчу, цунна кхераме болчу махка депортаци ца йо цунна. Политикан мухIажир санна иза тIе а лоцуш, цунна оьшу кехаташ деллачу пачхьалкхе дIавохуьйту.

"Кавказ.Реалии" порталца хиллачу къамелехь юристо Коротеев Кирилла билгалдаьккхира, "стаг дIалаьцначу пачхьалкхашна дика хууш хилар Интерполо къастийнарг оцу сохьта дIавала цавезар, хIунда аьлча, цхьайолчу пачхьалкхаша (Оьрсийчоьно, Туркойчоьно, Азербайджано) царна тIехь къизаллаш лелорна".

"Бакъду, чубоьхкинчу оцу нахе хан токхуьйту дIалаьцначохь, яккхийта ца догIушшехь", - аьлла Коротеев Кирилла.

Францерчу нохчийн диаспоран жигархой саготта бу Абухановна гонах хиллачунна а, мухIажирийн юкъара хьал кхи тIе а талхарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG