ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марха достуш тIалибашца тIом сацийна ОвхIанистанехь


ОвхIанистан -- ОвхIанан прездент ГхIани Ашраф а, ОвхIанера талибан а. 07 Манг. 2018
ОвхIанистан -- ОвхIанан прездент ГхIани Ашраф а, ОвхIанера талибан а. 07 Манг. 2018

Кху беттан 20-чу дийне кхаччалц тIалибашца тIом бар сацадо шаьш аьлла, дIакхайкхийна ОвхIанистанан президенто ГхIани Ашрафа. И сацам боьзна бу Мархийн бутт дIабоьрзуш хиларца.

Делахь а офхIанхойн президенто цу маслаIат дарна юкъаръяьккхина кхин йолу тIеман тобанаш, шайна юкъахь "Исламан пачхьалкх" а, "Ал Кайда" а, кхин ерш а йолуш.

ГхIанис шен дIахьедар дина, махкахь масcанхьа а исламан тобанийн тIелетарш шорлуш а долуш.

ТIалибаша шайга кховдийначу машарна цкъачунна жоп делла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG