ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхошна гIо дарна шеко йолуш нохчий лецна Австрехь


Венерчу полицин машен. Архивера сурт.
Венерчу полицин машен. Архивера сурт.

Терроризмана дуьхьал хиллачу операцехь Нохчийчуьра схьаваьлла масийтта стаг лаьцнера Австрин полицино Мангал-беттан 5-чу а, 6-чу а деношкахь, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Талламаш дIабаьхьнера Венехь а, Лахарчу Австрехь а. Iедалш шеко йолуш дара цара террорхошна ахчанца гIо дина хила мега аьлла.

Кавказ.Реалиин корреспонденто дийцарехь, 40 шо долу И. Асланбек цIе йолу стаг воцург лецнарш берш дIахецна, дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш а долийна.

Талламан изоляторехь сацийнарг хьалха "Имарат Кавказна" ахчанца гIо дарна жоьпе озийна хилла ву Австрин Iедалша. 2015-чу шарахь иза чувоьллира, 4 шо хан а тоьхна, цу тобанна 400 эзар евро гулдарна.

И стаг хенал хьлха аравалийтинера ах хан набахтехь яьккхинчул тIаьхьа. ХIинца цунна бехке дуьллург хIун ду хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG