Оьрсийчоьнан "Дешарах" лаьцначу низамна тIехь хийцамаш барна дуьхьал митинг хилла Мангал-беттан 7-чу дийнахь Якутскан йистехь. Цигахь дакъалаьцна 150 гергга стага. Гулбеллачара тIедожийна Оьрсийчоьнан Iедалшна, къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту низам тIе ца эцар.
"Сибирь.Реалиино" дийцарехь, митинг яхйелира шина сохьтехь гергга. Иза кечйеш юкъараллан жигархо дехна хиллера Iедалшка, шайн акци дIаяхьа гIалин юккъехь меттиг ло шайна аьлла. Амма эххаре а гIалин йисте хьажийна хиллера митингхой.
Официалан болчу хаамца, тахана якутийн мотт хууш бу 96,1 % якуташ. 90 % процент царах маьршша буьйцуш ву оьрсийн мотт.
Якуташ шайн мотт Iамо буьйлабелира 1922-чу шарахь. Тахана ненан маттахь дешаран процесс дIахьош ю Якутийн Республикехь 419 школа.