ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФИФА-н рейтингехь вуно ледар ю Оьрсийоьнан футболан тоба


Оьрсийчоь - Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир ФИФА-н президентца Инфантино Джанница цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа.

Дуьненаюкъарчу футболан федерацин (ФИФА) рейтингехь уггаре а ледара ю Оьрсийчоьнан футболан тоба. Цо дIалоцуш ю 70-гIа меттиг.

Хьалха хиллачу версица Черчесов Станислава куьйгалла дечу футболхоша дIалоцуш яра 66-гIа меттиг. Цу рейтингехь уггаре дика жамI гайтина Оьрсийчоьно 1996-чу шарахь - 3-гIа меттиг.

ФИФА-н рейтинган хьалханча юьсуш ю карарчу хенахь дуьненан чемпион йолу Германин футболан тоба. ШолгIачу меттехь бу бразилхой, кхоалгIа меттиг дIалоцуш бу Белгин къоман тобан футболхой.

XS
SM
MD
LG