ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн гергара стаг хьаькам хIотторах лаьцна хаттар делла Путине


Кадыров Хас-Мохьмад.
Кадыров Хас-Мохьмад.

Нохчийчуьрча вахархочо рез вац Кадыровн 26 шо долу гергара стаг Кадыров Хас-Мохьмад чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Соьлж-ГIаларчу урхаллан куьйгалхо хIотторна. Цунах лаьцна хьажийна цо еарин дийнахь Путинца хиллачу "Прямая линия" программехь. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, News Tracker зорбанан гIирсана тIе а тевжаш.

"Лахара лейтенант Соьлж-ГIаларчу милицин хьаькам муха хIоттийна?", - хаьттина шен цIе ца йовзийтинчу хаттаран авторо.

Хас-Магомед Кадыров хьакаман дарже хIоттийра 2017-чу шеран Лахьан-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG