ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путине Нохчийчоьнах лаьцна хаттарш хIунда ца делла дийцина Кадыровс


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Путинан "Прямая линия" программехь Нохчийчоьнах хьакхалуш долу хаттарш ца хиларо гойту тешам хилар а, республикера хьал цхьанаэшшара дIанисделла доьдуш хилар а, амма цо дIа ца йоху республикехь йолу проблемаш, аьлла хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

Цунах лаьцна йоза дитина цо шен «Вконтакте» йолчу агIона тIехь.

Кадыровс дийцарехь, Нохчийчоьнах лаьцначу долчу муьлхха а хаттарна жоп дала кийча а волуш, шен Iедалхошца цхьаьна тергонехь латтош вара иза Путинан эфир.

Делахь а Кадыровн 26 шо долу гергара стаг Кадыров Хас-Мохьмад чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Соьлж-ГIаларчу урхаллан куьйгалхо хIотторна ша реза ца хиларх лаьцна хаттар даийтина хиларх республикерчу вахархочо хаам бо Кавказ.Реалиино, News Tracker зорбанан гIирсана тIе а тевжаш.

"Лахара лейтенант милицин хьаькам муха хIоттийна?", - хаьттина шен цIе ца йовзийтинчу хаттаран авторо.

Хас-Магомед Кадыров хьакаман дарже хIоттийра 2017-чу шеран Лахьан-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG