ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисаран футболхой ловзарна кечлур бу "Ахмат-Аренехь"


 Мисаран тобанан хьалханчу ву Британерчу "Ливерпулан" форвард Салахь Мохьамед.
Мисаран тобанан хьалханчу ву Британерчу "Ливерпулан" форвард Салахь Мохьамед.

Оьрсийчохь кху деношкахь дIайолалуш йолчу футболан чемпионатехь дакъалоцуш болу Мисаран футболхой Соьлж-ГIалахь бешмайдане бевр бу тIедогIучу кIиранан дийнахь, Мангал-беттан 10-чохь. Цунах лаьцна хаам бо "Сhechnyatoday" агенталло.

"Ахмат-Аренехь", луучеран хьажа аьтто а беш, тренинг йир ю цара шайн хьалхарчу ловзарна кечлуш. Иза хир ду Уругвайн футболан тобанца Екатеринбургехь Мангал-беттан 16-чу дийнахь.

Мисаран футболхоша тренинг еш цаьрга хьожур болчерах дукхахадерш бераш хир ду. Цунах лаьцна ТАСС агенталле хаам биан республикерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

2018-чу шеран футболан дуьненан чемпионат хир ю Оьрсийчохь Мангал-беттан 14-чу дийнахь дуьйна Товбеца-беттан 15-гIачу дийне кхаччалц Оьрсийчура 11 гIаларчу 12 стадионехь. Цу гIаланашна юкъахь ю Москох, Петарбух, Казан, Лахара Новгород, Саранск, Калининград, Волгоград, Екатеринбург, Самара, Сочи, Ростох.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG