ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хоржур ву Гезгмашин-беттан 9-хь


Карарчу хенахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо ву Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хоржур ву Юкъара кхаж тосучу дийнахь Гезгмашин-беттан 9-хь. Цу тайпа сацам бина ГIалгIайн Республикан парламенто.

Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, республикан Халкъан Гуламехь векалш болчу хIора партино уггаре дукха 3 кандидатура хьажор ю Оьрсийчоьнан президенте харжийта.

Царах кхо стаг а къастийна, президенто кхоже юьллур ю церан кандидатураш республикерчу параментехь. Цул тIаьхьа 20 де далале депутаташ декхарелахь бу цу кхааннах республикан куьйгалхо харжа.

ГIалгIайчохь бахархоша республикан куьйгалхо харжар дIадаьккхина 2013-чу шарахь. Карарчу хенахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо ву Евкуров Юнус-Бек.

Дукха хан йоццуш, кхоазлагIчу ханна а ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь болх бан реза ву ша бохуш вара иза, нагахь шен кандидатура Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьалхататтахь.

XS
SM
MD
LG