Лаххара а 38 стаг вийна Шеман къибаседа-малхбузехь, пIераскана буса бомбанаш а, ракеташ а тоьхна, хаам бо Британехь штаб-хIусам йолчу Шеман адамийн бакъонаш ларъярехула мониторинган центро. Маьрша бахархой байина хилар тIечIагIдина "КIайн йоьза куйнаш" орцанан вовшахтохаралло а. Хаам бу иттаннаш нахана чевнаш йина хиаларх лаьцна.
Бомбанаш йиттина Идлиб провинцехь йолу Зардана эвла. Цу территорина Iуналла деш бу Шемара гIаттамхой. Шеман адамийн бакъонаш ларъярехула мониторинган центро чIагIдарехь, бомбанаш йиттина Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша. Оьрсийчоьнан тIеман буьранчаша цунна цкъачунна комментари ца йина.