ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь ши стаг а, зуда а дийна Iедалан ницкъаша


Архивера сурт.
Архивера сурт.

ГIалгIачуьрчу Несарахь лерринчу операцехь 2 стаг а, цхьа зуда а дийна меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахоша. Къоман антитерроран комитето (НАК) уьш тIемалой бара бохуш чIагIдо, терроран чулацам болу зулам дан дагахь хилла. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

Меттигерчу низамаш лардечу органашкарчу хьастана тIе а тевжаш, цу агенталло яздо 2 стаг а, цхьа зуда дийначул тIаьхьа цаьрца хилла кхин цхьа стаг каравахана Iедалшна бохуш. И хаам официалан кепара тIечIагIбина бац. Хууш дац байинчера цIерш муха ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG