ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

60 гергга имам шайн махкара араваккха дагахь ю Австри


Венера исламан центр. Архивера сурт.

Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Кикл ХIерберта хаам бина, Туркойчуьра ахча оьцуш волу 60 гергга имам шайн махкара араваккха дагахь ду шаьш аьлла, яздо Кавказ.Реалиино. Иза дакъа ду Австрин Iедалша "политикан исламца" къийсам дIабахьа йолинчу кампанин.

Iедалш иштта дагахь ду 7 маьждиг дIакъовла. Царна юкъахь ду Венера туркойн маьждиг а, "Iаьрбийн динан юкъараллан" чоьтах латтош долу 6 маьждиг а, хаам бо AP (Associated Press)

Хьалхо Австрин Iедало хаийтира берийн бешашкахь а, юьхьанцарчу классашкахь а йоIаршна йовлакхаш лелор дехкарца йоьзна шайн план хилар.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG