ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн йоI йийнарг психика галъяьлла ца карийна Австрерчу лоьрашна


Вена. Зезагаш Iохку Хадишт яьхначу цIенна уллехь.
Вена. Зезагаш Iохку Хадишт яьхначу цIенна уллехь.

Австрехь толлуш ду 7 шо долу нохчийн йоI Хадишт кIиза ер. Бехкениг ву 16 шо долу кхиазхо Роберт. ЧIирхоша верна кхоьруш карарчу хенахь иза къайлахчу меттигехь латтош ву меттигерчу полицино.

Адам дерна бехке веш волу кхиазхо коьртаца муха ву къастош бу лоьраш. Цкъачунна цуьнан могушалла теллинчу шина экспертана цхьана а цамгаран лар ца карийна цуьнгахь.

ХIинцале а къастийна Роберт шизофреник ца хилар а, цунна цхьа а аьзнаш хезаш ца хилар а. Гуш ду цуьнан вуно чIогIа адамашка цабезам хилар, яздо Австрерчу Oe24 зорбанан гIирсо. Делахь а таллам дIабоьдуш бу.

7 шо долу йоI цу кепара къиза ерна вуно халахетта ю ерриг а Австри. ХIинца а кхеташ дац зуламхочо иза хIунда дина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG