ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

7 миллион IP-адрес дехкар юхадаьккхина Роскомнадзоро


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Роскомнадзоро блок дIаяьккина ша 7 милион сов IP-адресна кхайкхийна йолу. Цунах лаьцна хаам бина йихкиначу сайташна терго ечу RKNShowtime телеграм-канало.

Дехкар юхадаьккхинчу адресашна юкъахь ду Amazon-ан адресаш а. Карарчу хенахь тIекхача аьтто боцуш дуьсуш ду Роскомнадзоро дихкина долу 3 милон сов интернетан адрес.

Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца Telegram дIакъовлар тIедожийнера кхелахошна Роскомнадзоро Охан-беттан 16-чохь. Цу урхалло ФСБ-не дIакхачаде аьллера Оьрсийчуьрчу бахархоша вовшашка дIасакхоьхьуьйту хаамаш босту догIанаш.

Оьрсийчоьнан Конституцино ца магадо шайна и информаци Iораяккха аьлла, Telegram-ан куьйгалло тIе ца дитинера церан дехар.

Технике диллича а, иза дан таро яц шайн аьллера компанино.

Шена хIоттийначу блоках хьалхаяла Telegram мессенджеро Amazon-ан сервисех пайда эцар бахьана долуш, Роскомнадзоро блок хIоттийнера Iамеркан Amazon-ан 2 миллион IP-адресана дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG