ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочунна 20 шо хан тоьхна Францехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Францехь, 20 шо хан а тоьхна, чувоьллина Нохчийчуьра схьаваьлла Берсанов Руслан. Иза бехке вина 2011-чу шарахь Оьрсийчуьра бизнесхо Лапин Михаил верна, хаам бо РИА Новости, нохчачуьнан адвокатана Сидорова Иринина тIе а тевжаш.

Берсанов бехке веш сацам бинарг ю бехкъасторхойн кхел.

Таллам бича гучудаьлларг иштта ду. 2011-чу шарахь Зазадоккху-баттахь «Саратовстройстекло» компанин директор Лапин Михаил а, цунна евза Православнова Елена а Франце деана хилла, цу мехкан къилбехь Лаьттаюккъерчу хIорда йистехь йолу Лазуран бердаца хIусам эца дагахь.

Парижерчу кеманийн портехь цунна дуьхьал веана Берсанов а, машенна урхалла деш Арсалиев Язид а. Цу шиммо Лапин а, Православнова а дIадигна Вильпент гIала. Цигахь баизнесхо вийна, коьртах тапча а тоьхна. Зуда, чов а хилла, дийна йисна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG