ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураевн йиш бахьанехь гIуда токхур ду веданхочо


Муцураев Тимур.
Муцураев Тимур.

Нохчийчохь кхело бехке винарг ву Веданан кIоштара вахархо. WhatsApp-хула дIахьажийна хилла цо шена хазахетта йиш. Иза зулам лерина интернетехь Муцураевн эшарш яржош болу нах лохучу прокуратуран белхахоша. Цара кхеле велла и стаг.

Ткъа суьдхочо 150 туьма гIуда тоьхна Муцураев кхолларалла езачунна экстремистийн материалаш яржорна, хаам бо "Кавказского узело".

Веданхочо яржийнарг муьлха йиш ю хоуьйтуш дац.

Муцураевн аз дика девзаш ду Нохчийчохь хьовха, ерриг а Оьрсийчохь а бардийн кхолларалла дукха езачу нахана.

20 сов шо ду иза дека цкъа дуьхьара тIеман аренашкахь а, тIаккха магнитан ленташна а, цул тIаьхьа CD дискашна а, ткъа хIинца, коьртачу декъана, интернетехь иттаннаш сайташна а, социалан машанийн агIонашна а тIехь.

Оцу хена чохь Муцураевн кхоллараллица жигара къийсам дIахьош ю Оьрсийчоьнан низамаш лардон система: полисхой, талламан комитетан белхахой, прокурораш, суьдхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG