ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров: Марха достуш теракт ян дагахь хилла байинарш


ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дийцарехь, Несарахь байина тIемалой Марха досту де тIекхочуш теракт ян кечлуш хилла. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

Евкуровс хаам барца, цу наха дан леринарг хьокъехь таллам бу дIахьош. ТIом бале хьалха байинарш карабало гIоьртира Iедалш боху цо. "Цаьрца дийцарш дIадаьхьира кIоштан куьйгалхочо а, меттигерчу Iедалша а. Бандиташ реза ца хилира карабахка, ткъа шаьш схьалаца гIоьртинчу ницкъаллин структурийн белхахошна тIе герз туьйхира цара. Дуьхьал герз а тоьхна, ши а вийра", - даладо Евкуровн дешнаш ТАСС агенталло.

ТАСС агенталло Мангал-беттан 8-чохь бинчу хаамца, дийнарг кхо адам дара. Ши стаг а, цхьа зуда а. Кхин цхьа стаг каравахана Iедалшна.

Социалан машанашкахь наха яздо, байинарш вежарий а, церан нана а ю, ткъа Iедалшна караваханарг цу шинан да ву бохуш.

Байинарш цхьана доьзалера хиларх лаьцна яздо "Грани" интернетан портало а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG