ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Советан заманахь таIзар лайначу нехан архивера кехаташ хIаллакх дина бохург харц ду, боху Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан когаметто Зубов Игора.

Цо билгалдаккхарехь, тидаме оьцу кехаташ вуно чIогIа жоьпалла долу документаш ду, гуттаренна а дIадехкина латто дезаш долу.

Нагахь чувоьллина а, таIзар лайна а хиллачу стеган кехаташ карош дацахь, иза ша къастийна талла деза, боху Зубовс.

И хаам баржийна Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула кхеташонан сайта тIехь. Советан заманахь чубоьхкина хиллачу нехан кехаташ архивашкара дан дуьйладелла хиларх лаьцна яздинера "Коммерсанто".

Мемориало далочу терахьашца, Советан заманахь тIаIзар лайна лаххара 13 миллион стага.

XS
SM
MD
LG