ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2 миллион доллар схьадоьхуш ву ФСБ-н инарла


Улюкаев Алексей.
Улюкаев Алексей.

Оьрсийчоьнан ФСБ-н инарло Феоктистов Олега схьадехна экономика кхиаран министр хиллачу Улюкаев Алексейна кхаъ луш ша лелийна долу 2 миллион доллар. Цунах лаьцна хаам бина "Би-Би-Си" оьрсийн сервисо.

Улюкаев лецира "Роснефть" компанин Москох офисехь 2016-чу шарахь Лахьан-баттахь. Цу компанин куьйгалхочо Сечин Игора беллера министре, чохь йоьхьаш долу тускар а, тоьрмиг а. Цу тIоьрмигана чохь хиллера 2 миллион доллар.

И операци кечйинарг хилла инарла Феоктистов. Цо чIагIдо, ша и ахча цIе ца йоккхучу бизнесхочуьнгара цхьана ханна даьккхинера, ткаъ цунна ца хаьа шен ахча мичахь ду бохуш.

Улюкаевна стохка ГIура-баттахь 8 шо колонехь даккха хан туьйхира. Iедалхочо чIагIдора, шен бехк ца хилар. Шена дуьхьал кхоьллина бехктакхаман гIуллакх Сечина а, ФСБ-но а дина питана ду бохура цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG