ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Телефонехула къамел дина Путина а, Порошенкос а


Путин Владимир а (аьрро), Порошенко Петро а.
Путин Владимир а (аьрро), Порошенко Петро а.

Украинин а, Оьрсийчоьнан а президенташа Порошенко Петрос а, Путин Владимира а телефонехула къамел дина. Цу шиммо барт бина, масала, шина пачхьалкхан омбудсменаш хьовсийта чубоьхкинарш муьлхачу хьелашкахь хан токхуш бу.

Кремлан сайта тIехь арахецначу хаамехь аьлла ду, къамел Украинин агIонан дехарца хилла хиларх лаьцна.

Украинин зорбанан сервисо бинчу хаамца, Порошенкос дIахьедина, Оьрсийчуьрчу набахташкара а, колонешкара а сихонца Украинера политикан тутмакхаш дIахеца беза аьлла.

Шен агIор Путина а дIахьедар дина, Оьрсийчуьра журналисташ, хьем а ца беш, дIахеца беза аьлла.

Кремлан зорбанан сервисо билгалдоккху шина президенто Донбассера хьал дийцаре дина хилар, кху беттан 11-чу дийнахь "нормандин формат" олучу тобанан (Германи, Оьрсийчоь, Украина, Франции) арахьарчу гIуллакхийн министраш цхьаьнакхеташ хилар тидаме а оьцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG