ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша кечдинчу низаман проектах лаьцна ойла хийцина Саралиевс


Саралиев Шамсаил.
Саралиев Шамсаил.

Нохчийчоьнан цIарх Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила сацам бина къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьтучу низаман проектана кIел ша куьг яздар юхадаккха.

Цунах лаьцна Саралиевс хаам бина шен телеграм-каналехь. Госдуман сайтан агIона тIехь долчу цу проектан авторшна юкъахь хIинца яц цуьнан цIе. Саралиевна хетарехь, Iамош берг ненан мотт белахь иза Iамор тIехь хила деза дешархошна а.

Хаьлхо цо хаам бинера, Госдуме проект кховдош депутатийн тобано юьхьарлаьцнарг нена боцу мотт Iамор тIедожо ца деза цхьанна а аьлла, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна хетарг кхочуш дар дара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG