ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политикан тутмакхаш маьршабахар доьхуш митинг хилла Москох


"Репрессеш, ницкъбар доцчу Оьрсийчоьнехьа" цIе тиллина Москохарчу Сахаровн цIарахчу проспектехь кIирандийнахь Iедалан пурбанца митинг дIаяьхьира оппозиционераша а, бакъонашларъярхоша а. Интерфаксан корреспонденто дийцарехь, митинган декъашхоша резолюци тIеийцира, ницкъаллийн структурашка нахана тIехь Iазап латтор дитар а, политикан бух тIехь чохь латтош болу тутмакхаш маьрша бахар а тIе а дожош.

"Оха тIедожадо политикан тутмакхаш, мацалла кхайкхийна Сенцов Олег а, Титиев Аюб а, кхиберш а дIахецар, пачхьалкхана муьтIахь долчу хаамийн гIирсашка харцдерг а, пропаганда а яржор а дIалакъор", - аьлла, дIахьедора "Адамийн бакъонашкахьа" боламан хьалханчас Пономарев Левс. Цо иштта элира, пачхьалхкан Оьрсийчоьнан Де герга кхочуш хиларца шаьш митинг вовшахтоьхна хиларх, шаьш "Iедалан урхаллехь болчара дIахьочу политикана резацахилар" дIахаийтархьама.

Москохарчу полицин зерашца, акцехь дакъалаьцна 1700 стага. Ткъа митинг вовшахтоьначеран терахьашца, 2-5 эзаре кхаччалц нах хилла цигахь гулбелла. Акцехь хилира политик Гудков Дмитрий а, яздархо Улицкая Людмила а, бакъонашларъярхо Ганнушкина Светлана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG