Рамадан баттахь Нохчийчуьрчу 3 эзар вахархочо тоьках тIехьарчийна декхарш дIаделла Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо аьлла, хааме даьккхина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
"Кху мархийн безачу баттахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президентан Кадырова Айманин сацамца миска бохкучу 3000 эзар вахархочун гулделла даккхий декхарш дIаделла", - аьлла куьйгалхочо. Бу царлахь заьIапхой, бобераш, баккхий доьзалш болу хIусамаш а.
"Хьенах ахча охьадиллина, муха, хьан хIиттийна таро йоцучийн тептарш хууш дац цхьанна а. Цхьа къайлах хIоттийна схема ю-кх иза, массара а дуьйцуш цунах, амма билггал хууш хIума а доцуш", - аьлла "Кавказан узел" агенталлан корреспонденте Совман цIе яьккхинчу Соьлжа-ГIалин яхархочо.