ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Несарара 29 шо долу вахархо лачкъийна полисхоша


Назранерчу 29 шо долчу Алиев ИбрехIиман цIийнах хьаьжна, цунна етта а йиттина, иза лаьцна дIавигина полисхоша аьлла, бакъонашларъярхошка хаамбина кIентан шичас. Иза тешна ву, цуьнан хIусамехь карийна боху куьйга йина бомба а, граната а полисхоша тесна ю аьлла.

Назранерчу вахархочо Алиев Султана кехаташ кхехьийтина шайн стаг лачкъийна вигарх цхьа могIа бакъонашларъяран организацешка, ишта хаам кхаьчна "Мемориале"а, ГIалгIайчоьнан омбудсмене а, ницкъаллийн структурашка а, дийцина "Машр" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада.

Йиттинчул тIаьхьа Алиев ИбрехIиме шен цIахь цхьана кехаташна куьйгаш яздайтина. Дозалхочух йолу цуьнан хIусамнана а йига гIортинера уьш, тIаккха а йитира, мухIар тоьхна шаьш къевлинчу хIусамчу яха а доьхкуш.

"ИбрехIим трактор тIехь болх беш ву, диъ бер ду цуьнан. Цуьнан цIа чохь карийна бохучу хIуманашца а, я цхьана зуламан тобанашца бала болуш вац иза", - аьлла яздина ду гергарчун дIахьедарехь.

ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, Талламан комитетан сайташ тIехь цхьа а информаци яц лаьцна вигинчу Алиевн хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG