ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оршотдийнахь Тбилисехь дIахьочу протесташкахь лаьцна виъ стаг, шайлахь акци вовшахтоьхна Куправа Звиад а волуш. Административан къепе йохорна бехкевина Куправа а, цуьнца лецна кхоъ а аьлла, хаамбо ГIуьржичйчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь. Куправа дуьхьал хилла полисхойн тIедожар кхочушдан. Руставелин проспектерчу парламентан гIишлонна хьалха машенаш дIасалелачу некъа тIе хIиттинера гуламхоша шайн палаткаш.

Хьалха шьаш хиллачу парламентана хьалхарчу майдане дехьаяха палаткаш аьлла, тIедожийнера полицино протестхошка. Акцин декъашхой дуьхьал бара. Протесташ дIахьочу меттигна го лаьцна эчигах йинчу дуьхьалонашца а, полисхойн кардоца а. Гулбеллачийн кхерамзалла ларъярхьама акци тергоне эцна шаьш аьлла полисхоша, хаамбо "Настоящее время" хьостано.

Стохка Iай Тбилисехь ши кхиазхо – Саралидзе Давид а, Дадунашвили Леван а вер толлуш кхелан кхеташо дIаяьхьначул тIаьхьа Саралидзе Зазас вовшахтоьхнера дуьхьалонан акцеш дIаяхьар.

Иккхинчу девна юкъахь уьрсан чевнех веллера ши кIант. Байинчийн гергарчарна хетарехь, прокуратурано къайлабаьхьна куьйгбехкенаш, хIунда аьлча, прокуратуран хиллачу белхахочун кIант ву бехкечех цхьаъ.

XS
SM
MD
LG