ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнказахь марха дестинчул тIаьхьа дуьхьалонан акцеш йолош ю


Мачаликашвили Темирлан вийначул тIаьхьа митинге арабевллера гуьржийн Дуиси эвлара бахархой.

Гуьржийчоьнан ницкъахоша ПIаьнказахь лерина операци дIахьочу заманчохь вийначу 19 шо долчу Мачаликашвили Темирланан дас Мачаликашвили Малхаза ша резацахилар дIахаийтина, Тбилисехь ах шо хьалха ши кхиазхо вер таллархьама пачхьалкхан парламентехь кхоьллинчу талламан комиссино шен кIентан гIуллакх тесна дитарна.

Цо бахарехь, де хьалха "Рустави 2" телекомпанин эфирехь комиссин декъехь волчу "Европан Гуьржийчоь" оппозицин партин лидере масийтазза хаьттира Мачаликашвилин гIуллакхах.

"Шена хаттар ца хезча санна тесна дитира цо. Цуьнан бала боцуш гIуллакх ду иза", - дIахьедина вийначу кIентан дас Руставелин проспектехь дIахьочу дуьхьалонан акцехь оршотдийнахь журналисташка.

"Темирлан вийна, и бакъ ду. Сан кIант террорхо хилла аьлла, дIакхайкхийна, иза верал а деза ду суна тIекхоьллинарг. Сан кIант террорист цахилар бакъ дай, Iедалхоша шайгара гIалат даларна даре а дина, бехке мел волчунна таIзар дан деза", - аьлла Мачиликашвили Малхаза, хаамбо Маршо Радион гуьржийн сервисо.

Дас бахарехь, марха даьстинчул тIаьхьа жигара йохур йолуш ю акцеш ПIаьнказахь.

XS
SM
MD
LG