ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вильнюсехь Немцовн сквер йиллина


Литварчу Вильнюсехь Оьрсийчоьнан векалтна дуьхьал оппозиционеран Немцов Борисан цIарах сквер йиллина, дагалецаман у а тухуш. Вильнюсан гIалин кхеташоно оцу хьокъехь сацам тIеийцира Стигалкъекъа-беттан 23-чу дийнахь. Церемонехь дакъалецира Литван бахархоша а, Керстан демократийн партин векалша а. Литвара Оьрийчоьнан векало Удальцов Александра гIалин Iедалхойн сацам "нийса бац" аьлла. Шайна луъучун цIарах урамаш дахкар Литван чоьхьара гIуллакх ду, амма шена цатовриг - Оьрсийчоьнан векалтна уллохь и сквер еллар аьлла оьрсийн дипломато.

Кху Iай Вашингтонерчу Оьрсийчоьнан векалтна дуьхьал а йиллира Немцов Борисан цIарах майда.

2015-чу шеран Чиллан-баттахь Москох вийра Оьрсийчоьнан политик. Иза верна бехкевина, набахтешкахь хенаш токкхуш ву Нохчийчуьра схьаваьлла пхи вахархо. Немцов вен кхачийнарг мила вара хIинца а къастаза ду.

Политикан гергачара а, доттагIаша а чIагIдо иза вейтарна бехке Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву аьлла.

XS
SM
MD
LG