ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровх керла илли юкъадаьккхина оьрсийн комика


Дуьненан чемпионатах лаьцна керла рогIера илли даьккхина оьрсийн забарчо Слепаков Семена. Фейсбукерчу шен агIон тIе оьллина Слепаковс шен композици. Сюжетца а догIуш, дуьненан турнирехь оьрсийн футболан тоба эшна йисарна кхеравеллачу президенто Путин Владимира катоьхна кхеташо кхайкхайо. Командан тренер хийцича юьхIкIам хир бара аьлла тешначу цо Кадыров Рамзан хIоттаво цу дарже. Оьрсийчоьнан футболисташ кхерало, шайна Кадыров тIехIоьттича, хIетте а толам ца бохьу цара чемпионатехь. Ша эшарна къера хилла Нохчийчоьнан куьйгалхо шен мехкан урхалла дан юхавоьрзу.

Социалан машанехь цуьнга ладоьгIначара бахарехь, хIинца Кадыровна хьалха шена гечдар деха деза комика.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG